Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь иштта-м дойла ма яц! Хьан лаамехь боцурш байархьама, гІала а йохош, Хьан лаамехь верг хІаллаквийр ма вац Ахьа? Нагахь иза хилча, Хьан лаамехь болчарна а, боцучарна а юкъахь башхо ма яц – уьш массо а хІаллакьхуьлуш ма ву. Ахь иштта дийр дац! Дерриг а дуьненан Кхелахочо йийр яц нийсо?» Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг? Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“? Иштта дІагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а. ХІун эр вай? Делаца харцдерг ду те? Дера дац!
Выбор основного перевода