Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тІехІиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. Нагахь ахь царна зе дахь, Соьга уьш кхайкхича, церан мохь Суна хезар ма бу. Дуккха а йолу гІелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кІелара схьахезаш ду церан узарш. ЧІир йоькхуш волчу Цо гІело хьоьгучеран узарш диц ца до. Цо уьш дагахь а латтабо. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода