Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хІун ду а хьожуш делаш, хІунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар». Со Кхоьллинчо и ялхо а ца кхоьллина те? Тхайн нанойн кийрахь тхойшиъ а Цо ца кечвина те? Кипа дийца волавелира: «ХІинца хаьа суна Дела билггала озабезам ца беш вуйла. ХІунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таІзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо. ЛадогІийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.
Выбор основного перевода