Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПаргІат ду талорхойн хІусамашкахь, Дела оьгІазвохуьйтурш а синтеме Іаш бу, цара Дела шайн карахь лелош волуш санна. Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Иштта бу и Іесанаш! Цхьана а хІуманан гІайгІа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. Іесанаш, буц санна, гучубийлахь а, харцонаш лелочеран аьтто балахь а, уьш гуттаренна а дІабаьхна хиларх. Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тІе ца кхуьу хІума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тІе дан деза вон тІедогІу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду!» Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Ахь доьгІна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду. Вонашка хьежа тІех цІена бу Хьан бІаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Іалур ма вац! Тешнабехк лелораш хІунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Іесачара дІакхаллар вист ца хуьлуш хІунда лов те Ахь? Цундела цара сагІанаш дахьа шайн эвнна, кІур а туху шайн бойнна. ХІунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу. Аша элира: „Далла гІуллакх дар эрна ду. ХІун пайда бу Цо тІедехкина декхарш вай кхочушдаран, массо а ницкъийн Везачу Элана хьалха вай сингаттаман духарш лелоран? Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Іаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“».
Выбор основного перевода