Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
бух боцучу Іинах, сан да аьлла, цІе яьккхича, кошан нІаьнех сан нана я йиша ас аьлча, Цуьнан дегІ дузийна хилла къоналлин ницкъ цуьнца цхьаьна кошан ченала буьжур бу. Ненан кийрано а иза вицво, цунах нІаьнийн даар а хуьлу, цхьанна а иза дага а ца вогІу, дитт санна, кагло къинош летийнарг. ХІора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цІеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг. Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хІинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кІелахь а, мотт-гІайба хилла, нІаьний хир ду, хьуна тІехула а, юргІа хилла, нІаьний хир ду.
Выбор основного перевода