Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Сан мерз-пондар а бу боьлхуш, тийжаш ю сан зурма а». Йиш лакха, жиргІа етта, хаза дечиг-пондар а, мерз-пондар а лакха. Церан тойнашкахь тайп-тайпанара дечиг-пондарш а, жиргІанаш а, зурманаш а, иштта чагІар а ду. Амма Везачу Элан гІуллакхашка ца хьовсу уьш, Цуьнан куьйгаша мел дийриг царна ца го. Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гІирсаш лело говзалла ю. Кедаш чуьра чагІар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цІенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу!
Выбор основного перевода