Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Ша мел вехачу деношкахь Іесаниг баланехь хьийза. Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду. Сан къам долчу Исраилан халкъан гІоьнца Ас бекхам бийр бу Эдомна. ТІаккха цара Сан оьгІазвахаре а, Сан дера хиларе а хьаьжжина, хІума дийр ду цигахь. ТІаккха бевзар бу царна Сан бекхам», – иштта боху Хьалдолчу Эло. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода