Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу. Мохо дІасатесна чан санна, хуьлийла уьш. Везачу Элан Малико дІа а лохкийла уьш. Сан Дела! Йилбазмохана дуьхьал нисъелла чан санна хуьлийла уьш, мохана дуьхьал нисделла ча санна а хуьлийла уьш. Эпрайм-махкара чІагІйина гІаланаш къайлаевр ю, ткъа Дамасакх-гІалара паччахьалла дІадер ду. Араман къомах бисинчарна хир ду исраилхойн сийлаллина хилларг, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Кегийра чан санна, дукха хир бу хьан мостагІий, къизачийн бІош дІасакхийсина кегаш санна хир бу. ЦІеххьана а, бІаьрган негІар тухучу юкъана а И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а.
Выбор основного перевода