Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан цІера цо мел гулдинарг дІадер ду, хи санна, дІагІур ду Делан оьгІазаллин дийнахь. Бакъду, ког шершачу меттиге дІа а хІиттийна, Ахь уьш тІепаза бойуьйтур бу. Ма сиха хІаллакьхуьлу уьш, къемат тІедарца чекхбовлу уьш. Везачу Эло мел диначун шен-шен Іалашо ю, ткъа Іеса нах къематденна лерина бу. Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кІелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таІзар а деш, латто а, Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна.
Выбор основного перевода