Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ма бакъ ду иза! Шу нехан бага ю теша? Шуьца цхьаьна хьекъалалла лийр ма ду! Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тІекаре сан хІусамехь йолчу хенахь. Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Іамийна Иза? Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгІна, Цо бохург дІахезнарг? Делан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду, я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш? Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
Выбор основного перевода