Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргІатвоккху Цо, цуьнан гІело хьегарехула лергаш дІадоьллу Цо. Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга, хьуна хьалха токхе шун а хІоттийнера Цо. ТІаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира. Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волу Дела. Иза къинхетаман Да а ву, массо а тайпанчу синтеман Дела а ву. Цо вайн муьлххачу а гІайгІанехь вайна синтем ло, Цо вайна беллачу оцу синтемца муьлххачу а гІайгІанехь болчу кхечарна а вайгахула синтем хилийтархьама.
Выбор основного перевода