Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг? Цо Деле кхардаме хІуманаш, хи молуш санна, дуьйцу, Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хІума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах. Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хІума ду. Царах цхьа а диканиг дийриг вац. Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина.
Выбор основного перевода