Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас дина къамел тІехтоха дагахь ду шуна? Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна? Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те? Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахІоттош дерг хІун ду? Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
Выбор основного перевода