Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лахара цуьнан орамаш а дакъалур ду, лакха тІера цуьнан гаьннаш а маргІалдулур ду. Уьш шайн хан а кхачале хІаллакьхилла, ткъа церан цІенош хино дІадаьхьна. Амма Ахьа, Дела, уьш кІоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цІий Іеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Іаш хир ву. Ма сиха хІаллакьхуьлу уьш, къемат тІедарца чекхбовлу уьш. ТІаккха ас элира: «Сан Дела! Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со. Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш. Хьо тІех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила – хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дІа хІунда кхолхуьйту ахь?
Выбор основного перевода