Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух дийна бисначеран дегнашка кхерам тосур бу Ас, уьш мостагІийн мехкашкахь Іачу хенахь. Дегочу гІанан гІовгІанах а бовдур бу уьш. Туьрах санна, бовдур бу уьш, охьа а оьгур бу, цхьа а тІаьхьа ца ваьллашшехь. „Уьшал йоцучохь шач тІейолий? Хи доцучохь эрз тІеболий? И пха схьабаккха иза хІоттахь, цуьнан стима юккъера къегаш иза схьабалахь, эццахь евзар ю цунна Іожаллин инзаралла! «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац.
Выбор основного перевода