Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бІе ткъа шо бен хир дац». ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Боьхачунах цІенаниг схьавер вуй? Вер вац. Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цІена? Цуьнан бІаьргашкахь бутт а сирла ца хилча, Цунна хьалха седарчий а цІена ца хилча, кхин а кІезиг ду адам – нІаьвцицигах а, нІаьнах а терра бен вац адаман кІант». Харцонца вара со дуьнен чу ваьлчхьана дуьйна, сайн ненан кийрара дуьйна къа ду аса схьадахьаш. Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цІена ву, со сайн къинойх цІанвелла»? Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
Выбор основного перевода