Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хІара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа». Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тІаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду? ЧІогІа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тІедехкина долу. «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. «Иштта, шайн Веза Дела везалаш. Ларделаш Цо шайна лардан тІедиллинарг а, Цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а, весеташ а массо а деношкахь. Тахана шайга деш долчу Сан весеташка аша леррина ладогІахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цунна даггара а, мел долчу синца а аша гІуллакх дахь, – Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, – Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела.
Выбор основного перевода