Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тІаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, нагахь герз карахь долу шух хІорра а, Везачу Эло Шен мостагІий дІалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хІара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. Оцу хенахь ас шуьга иштта омра дира: „Шун Везачу Дала хІара латта шуна дІаделла шун дола даккхийта. Ткъа хІинца тІом балуш мел верг, герз схьа а эций, шайн вежарий болчу исраилхошна хьалха а валий, Йордан-хина дехьавала. Ткъа шайн зударий а, шайн бераш а, шайн бежанаш а, – суна хаьа уьш шун дукха дуйла, – ас шайна дІаеллачу гІаланашкахь дита, Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла. Наха ЮшаІана жоп делира: «Ахь тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дІахьажийначу гІур а ду тхо. Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца!
Выбор основного перевода