Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гІаланашна юкъара цхьана гІаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна, шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гІалин бахархой Іехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гІуллакх дийр ду вай“, – бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза. Ахь оцу хІуманах лаьцна хаттарш де, и хІума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь, оцу гІалин массо а бахархой тур хьаькхна хІаллакбелаш. Ерриг а гІала, Далла леринан дІа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха. Шайн долахь долу латта шайна цІена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тІе довла. Цу тІехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагІа доккхург боцург, кхин кхерч а бай.
Выбор основного перевода