Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дІа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТІаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дІадоккхур ду». Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хІораммо а шайна юкъара БаІал-ПаІор-цІунна Іамал ян буьйлабелларш байа». Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. Оцу исраилхочунна тІаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хІаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. Шун бІаьргашна гир-кх, шун Везачу Дала ПаІор-ломахь мел динарг. БаІал-ПаІорна тІаьхьа мел хІоьттинарг шун Везачу Дала, хІаллак а вина, шуна юкъара дІаваьккхина. Ахьа царна кхача белча, цара иза дІаоьцу, Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Іеба. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш.
Выбор основного перевода