Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Ерихонера ГІай-гІала нах бахийтира ЮшаІа. ГІай-гІала Байт-Аванна уллохь, Бетал-гІалина малхбалехьарчу агІор яра. Цу нахе ЮшаІа элира: «Даха а гІой, талла и меттиг». ДІа а бахана, ГІай-гІалане хьаьвсира уьш. ЮшаІ волчу юха а баьхкина, цара элира: «Дерриг а халкъ а ца дохуьйтуш, ши-кхо эзар стаг вахийта ГІай-гІала схьаяккха. Уьш цигахь дукха а бац, дерриг а вайн эскар дахийттал». Халкъах кхо эзар гергга стаг вахара гІалина тІелата, амма уьш ГІай-гІалин бахархоша лаьхкира. Ткъе ялхитта стаг вийра царах ГІай-гІалин бахархоша. Шайн кевнера лаьхкина, тІулг боккхучу метте кхаччалц дІабигира цара и исраилхой. Лам тІера чубуьссучу хенахь байира уьш ГІай-гІалин бахархоша. Доьналлех боьхначу исраилхойн дегнаш дегадора. Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. ЮшаІа элира: «Хьалдолу Эла! Йорданал сехьа хІара халкъ стенна даьккхина Ахь? Эмархойн кара а делла, тхо хІаллакдайтий? Буха а севцна, Йорданал дехьа Іаш делара тхо! Веза Эла! ХІун ала деза ас хІинца, исраилхой шайн мостагІех бевдда хилча? КанаІанхоша а, цу махкара берриг а кхечу наха а, хІара хІума а хезна, тхуна го бийр бу. Цара лаьтта тІехь ур-атталла тхан цІе а юьттур яц. Хьайн сийлахь цІе муха ларйийр ю Ахь тІаккха?» Везачу Эло ЮшаІе элира: «ХьалагІатта, хьо хІунда воьжна бертал? Исраилхоша къа латийна, Ас шайга ларбе аьлла болу, Соьца шаьш бина болу барт а бохийна. Суна леринчух цхьайолу хІуманаш, схьа а эцна, шайн хІуманаш юккъехь дІалачкъийна цара. Цундела ца ян елла исраилхошка шайн мостагІашна дуьхьало. Уьш царах бевдда, шаьш-шайна хІаллакбаран кхел йина дела. Со кхидІа шуьца хир вац, нагахь Суна лерина хІуманаш аша шайна юкъара дІа ца яхахь. Хьала а гІаттий, халкъ даз а дай, ала нахе: „Іуьйре тІекхачале, цІан а лой, дІахІитта, хІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: ‘Суна лерина йолу хІуманаш, аша схьа а эцна, шуна юкъахь ю, исраилхой. Шайна юкъара уьш дІаяххалц, шу мостагІашна дуьхьал латталур дац’. Кхана шайн тайпанашца тІедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тІедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тІедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогІуш, тІебан беза. Суна лерина хІуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цІергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гІуллакх дина дела“». ЮшаІа, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тІедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхІудан тайпа дара. ЯхІудан тайпа тІе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тІедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. Цу доьзале, цхьацца стаг тІевогІуш, тІедуьйла элира ЮшаІа. Кармин кІант Іахан вара билгалваьккхинарг. Карма Завадин кІант вара, Завади Зерахьан кІант вара. Уьш ЯхІудан тайпанах бара. ТІаккха ЮшаІа элира Іахане: «Сан кІант, Исраилан халкъан Веза Дела, хаста а вай, Цунна хьалха даре а дай, схьадийца соьга айхьа динарг. Сох и лачкъо ма гІерта». ЮшаІана жоп луш, Іахана элира: «Бакъ ду, ас къа латийна исраилхойн Везачу Далла хьалха. Ас динарг хІара ду: схьаяьккхинчу хІонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бІе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хІуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду». ЮшаІа нах бахийтира Іаханан четарх хьовса. Сихонца баханчу царна дІалачкъийна хІуманаш карийра, царна бухахь дети а дара. ХІуманаш, четарна чуьра схьа а эцна, ЮшаІ а, берриг исраилхой а болчу схьа а еана, Везачу Элана хьалха охьаехкира цара. Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаІа Зерахьан кІант Іахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Іаханан кІентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагІий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Іахур-тогІи чу схьадеара (Іахур – иза «сингаттам» бохург ду). ЮшаІа элира: «Ахь тхуна бохам бина дела, Везачу Эло тахана бохам хьуна а бо». Берриг а исраилхоша, тІулгаш а кхиссина, Іахан а, цуьнан доьзал а хІаллакбира. Юха уьш а, церан бахам а цІергахь багийра цара. Іаханна а, цуьнан доьзална а тІехь тІулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тІаьхьа Везачу Элан оьгІазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Іахур-тогІи олу.
Выбор основного перевода