Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лабана элира: «ХІара тІулгийн оьла тахана вайшинна юкъахь болчу бертан теш ю». Цундела аьлла цунах ГалІад (иза «тоьшаллин оьла» бохург ду). Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. Шаьш бинчу кхерчан цІе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хІунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара. Дерриг а халкъе ЮшаІа элира: «ХІара тІулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тІулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта».
Выбор основного перевода