Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а ала цаьрга: „Нагахь исраилхойх я царна юкъахь тІебаьхкина Іаш болчарах цхьаммо дийнаташ дагоран я кхин сагІа доккхуш хилахь, Везачу Элана лерина гуламан четаран неІаре цо дийнат схьа ца даладахь, и стаг шен халкъана юкъара эккхор ву. Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарх. Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагІанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тІе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш. Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаІан-махкахь, Йорданна уллохь, сагІа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал».
Выбор основного перевода