Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъах волчу хІора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дІалаьцначул тІаьхьа бен тхешан цІа доьрзур дац тхо. Везачу Эло, шуна санна, оцу шун вежаршна паргІато яллалц а, шун Везачу Дала царна луш долу Йордан-хина дехьа долу латта цара шайн дола даккхалц а. Цул тІаьхьа шух хІора а ас шайна деллачу лаьтта юхаверза“, – аьлла. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаша а, Маннашан ах тІаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера.
Выбор основного перевода