Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хІунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду». Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хІунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.
Выбор основного перевода