Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кІант хІинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимІа а санна. Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дІавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кІант волчу Юсупан кІенташна дІаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цІе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дІаязйина яц. ЯхІуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина уллохула догІучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. КанаІан-махкахь йолчу Шилун-гІалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тІедиллина, тхуна чохь Іан гІаланаш а, даьхни лело цу гІаланашна уллора аренаш а ло аьлла».
Выбор основного перевода