Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дІахьажийначу лаьтта тІе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хІорш бу цу махкара беана стоьмаш. Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш.
Выбор основного перевода