Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІ а, исраилхой а, ІегІлонара дІа а бахана, Хьевроне баьхкира. Цигахь гІалина дуьхьал тІом бира цара. ГІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь а, гІали чуьра са мел долу адам а, луларчу ярташкахь мел верг а туьраца хІаллаквира исраилхоша. Цхьа а дийна ца витира цара. ІегІлон-гІалина диннарг дира Хьевронна а: гІала а йохийра, дерриг адам хІаллак а дира. Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, Епунин кІантана Килабана ЯхІудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаІа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаІ яра, хІинца шех Хьеврон-гІала олуш йолу. (АрбаІ Іаьнакхан да хилла.) Килаба цигара Іаьнакхан тІаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цІийнах болу нах бара. Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира. ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра. Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дІаелира, ткъа цо Іаьнакхан кхо кІант цигара лаьллина дІавахийтира. еллера ЯхІуд-махкара Хьеврон-гІала а, цунна гонах долу дежийлаш а. Ткъа оцу гІалина чудогІуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кІантана Килабана дІаеллера.
Выбор основного перевода