Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШимІин тІаьхьенах волу Хьорин кІант Шапти, Гадин тІаьхьенах волу Макин кІант Гауал. НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Іамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хІордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаІанхой». Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чІогІа хаза ду. Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза. Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Іачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
Выбор основного перевода