Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШимІин тІаьхьенах волу Хьорин кІант Шапти, Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дІадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Іамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хІордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаІанхой». Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кІанта ЮшаІа а, Епунин кІанта Килаба а шайн бедарш этІийра. Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тІе шу кхочур дац, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург.
Выбор основного перевода