Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йордан-хина тІера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тІера Хьермон-лома тІекхаччалц долу а, Іариба-тогІи чуьра малхбалехьарчу агІор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хІаллакбина паччахьаш хІорш бу: Хьешбонехь Іийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалІад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІера Ябокх-хина тІекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Іамминхошца долу доза. Ткъа иштта цо паччахьалла деш Іариба-тогІи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Іома тІера Дуьрачу хІорда тІекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тІера къилбехьа Пасги-лома тІекхаччалц а дара цуьнан латта. Башанан паччахь ІовгІа. Репахойн къомах тІаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Іаштарат а, ЭдреІи а цІераш йолу гІаланаш. Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гІала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тІе кхаччалц болу ах ГалІад-мохк а бара цуьнан. Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хІаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенашна а, Маннашан ах тІаьхьенна а шерет санна дІаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.
Выбор основного перевода