Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Халкъо ша схьадаьккхинчух Суна схьалуш долу дерриге а уьтталгІа дакъош Аса левихошна дІало, цара гуламан четарца доьзна долу гІуллакх деш хиларна. ХІинца дуьйна Исраилан халкъ гуламан четарна юххе даха ца деза, ша, къилахь а хилла, ца далийтархьама. Гуламан четарца доьзна долу гІуллакх левихоша дийр ду, ткъа цара жоп дала деза муьлххачу а четарна дуьхьал даьллачу зуламах. Иза шуна а, шун тІаьхьенна а гуттаренна а тІедиллина ду. Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна, хІунда аьлча Исраилан халкъо ша схьадаьккхинчух Суна лерина дІалуш долу уьтталгІа дакъа Аса царна кхочуьйтур ду. Цундела царах лаьцна Аса аьлла: „Исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац царна“». Везачу Эло Мусага элира: «Левихошка, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана совгІат санна дІадала деза. Аша дІалуш долу и совгІат шун ялтих даьккхинарг санна лорур ду – шун хьаьттах долу кІа я шун муттдоккхургах даьккхина чагІар санна. Иштта, исраилхойн массо а уьтталгІачу дакъойх аша а Везачу Элана совгІат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгІат динан дега АхІароне дІадала деза аша. Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа деача, аша цунах тоьлла а, уггар даздина а дерг схьакъасто деза. Иза аша Везачу Элана лерина дІадала дезаш дерг хир ду“. Муса! Ахьа левихошка иштта дІаала: „Исраилан халкъо шаьш схьадаьккхинчух деана уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана дІаделлачул тІаьхьа, царах дисинарг левихошна лерина ду, хьаьттах а, муттдоккхургах а цара схьадаьккхинарг санна. Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза. Шайна деанчух тоьлла долу дакъа аша Везачу Элана лерина дІалахь, шу къилахь хир дац. Делахь а, дагахь латтаделаш, Исраилан халкъо деана деза совгІаташ Далла хьалха бех ма делаш, шаьш ца далийтархьама“». Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара.
Выбор основного перевода