Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша. (Башан-мехкан паччахь волу ІовгІа репахойх тІаьххьара висинарг вара. Цуьнан аьчка маьнга хІинца а Іамминхойн кІенташкахь бу Рабба-гІалахь. Иза бохалла исс дол, ткъа шоралла диъ дол бара, юкъахь лелаш болчу барамашца иза буьстича.) Ткъа ГалІад-лаьмнех йисина ах а, ІовгІа паччахьан болу Башан-мехкан АргІаб-кІошт а ас Маннашан ахтайпанна дІаелира». (Башан-махках репахойн мохк олура.
Выбор основного перевода