Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. эдомхой а, исмаьІалхой а, муабахой а, хІагирхой а, Кеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш Гебалара говзанчаш а бара хьан. ХІордан дерриг а кеманаш а, церан кемалелорхой а хьуна чохь хуьлура, хьоьца йохкаэцар а лелош.
Выбор основного перевода