Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагІий. Исраилхоша хІаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦІаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицІпа-тогІина а тІекхаччалц дІабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша. Малхбалерчу Йордан-хи тІера малхбузерчу Дуьненаюккъера хІорда тІекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дІаделла ас. Вай хІинцале хІаллакдинчу къаьмнийн а, хІаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дІаделла шуна. Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дІа а даьхна, дІалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дІадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара. ЮшаІ веллачул тІаьхьа цо кхузахь тІаьхьадитина кхидолу къаьмнаш хІинцачул тІаьхьа дІакъехкор дац Ас, исраилхошна некъ боккхуш. Исраилан халкъ зерхьама, Аса и къаьмнаш шаьш долчохь дуьтур ду. Со хьожур ву Везачу Эло шайна гайтинчу некъа тІехула дІадаха и къам доьналла долуш дуйла, шайн дай ма-хиллара». Везачу Эло и къаьмнаш шаьш долчохь дитира, дІа ца лохкуш, ЮшаІан кара а ца дахийтира.
Выбор основного перевода