Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Цундела шайн вежарийн долчух лаьттан дакъа дац левихойн, церан долахь латта а дац. Лаьттан декъан метта Веза Эла ву церан, цаьрга хьан Везачу Дала дІа-ма-аллара.) «Динан дай болчу левихошна а, дерриг а левихойн тайпанна а лаьттан дакъа кхочур дац Исраилан махкахь. Везачу Элана деанчу сагІанех дакъа кхочур ду царна, цунах хир ду церан рицкъа. Шайн вежаршна-исраилхошна юкъахь лаьттан дакъа кхочур дац левихошна. Церан дакъа Веза Эла ву, Цо Ша цаьрга ма-аллара. Левин тІаьхьенна дакъа ца делира Мусас. Исраилан халкъан Везачу Далла деана сагІанаш ду церан дакъа, Везачу Эло левихошка ма-аллара.
Выбор основного перевода