Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас масех стаг вахийтира ЯІзир-гІалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гІала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша. Гадахоша юхаметтахІиттийра иштта гІаланаш: Дибон, Іатрут, ІаруІер, Іатрут-Шупан, ЯІзир, ЙогІбахІа, Байт-Нимра, Байт-ХІаран. Царах гадахоша чІагІйина гІаланаш йира. Иштта шайн жашна гІотанаш а йира цара. Шо даьлча, паччахьаш тІамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Іамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гІалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаб Іамминхойн Рабба-гІалина дуьхьал тІом беш вара. Цуьнан паччахьан гІап схьаяьккхира цо.
Выбор основного перевода