Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тІамана кийча волу хІорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тІаккха дІало аша ГалІад-мохк церан дола. Иштта Мусас ГалІад-мохк Маннашан кІант волчу Макиран тІаьхьенийн дола дІабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. Башанан паччахь ІовгІа. Репахойн къомах тІаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Іаштарат а, ЭдреІи а цІераш йолу гІаланаш.
Выбор основного перевода