Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТІаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тІедиллира Дала. Оцу кхаа тайпанна дІаделла долчу латтанийн малхбузера доза Іариба-тогІи чохь долчу Йордан-хина тІекхаччалц дара. И доза Канарота тІера Дуьрачу хІордана уллохь болчу Пасга-ломан кІажина тІекхаччалц дара. Царна чу йогІура Йордан-хина малхбалехьа йолу Іариба-тогІи, Пасга-ломан кІажехь болчу Іариба-хІордана тІекхаччалц. лакхара догІу хи, саца а сецна, геннахь, ЦІартан-гІалина уллора Адам-гІала йолчохь, пен а хилла, дІахІоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хІорда чу а доьдуш долу хи, дІа а дахана, дІаделира. Нах Ерихон-гІалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара. Ерихон-гІаларчу бахархоша ЭлишаІ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хІара гІала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу». Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цІена кад ло соьга». Цуьнга кад дІабелира. ЭлишаІ хин коьрте тІевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хІара хи цІандина. ХІинца чул тІаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“». ЭлишаІа аьлла ма-хиллара, и хи хІинца а цІена ду. АстагІниг, сай санна, кхоссалур ву, мотт сецна волчо, хазахеташ, мохь хьоькхур бу. Хиш яьссачу арахула дІахецалур ду, хин Іовраш эрначу арахула оьхур ю. Йовхачу гІамарх хин Іам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангІалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а.
Выбор основного перевода