Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Мисара вале кхузахь хьуна вина волу ши кІант хІинца дуьйна сан хир ву. Эпрам а, Маннаш а сан хир ву, Раабан а, ШимІа а санна. «Исраилхошка, тІе а дуьллуш, иштта дІаала: „КанаІан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хІорш ду: къилбехьа агІор долу шун доза дІадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хІордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дІагІур ду. Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Іинна тІе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьІа цІе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гІала а деана, Іацмун-гІалахула чекхдер ду. Іацмунера иза дІагІур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тІе, цигара Дуьненаюккъера хІорда тІе а кхочуш. Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хІорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. Къилбаседехьа долу шун доза дІагІур ду Боккхачу хІорда тІера ХІор-ломана тІе кхаччалц. ХІор-лома тІера иза Хьамат-Іине кхачийта, Цедад-гІалина тІе а кхачош. Цигара Зипрун-гІалина тІекхаччалц дІагІур ду и доза, Хьацар-Іейнан-гІалина тІе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза. Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Іейнан-гІалина тІера Шипам-гІалина тІекхаччалц. Шипам-гІалина тІера, Іейн-гІалина малхбалехь йолчу Рабила-гІалина тІекхочур ду и доза. Цигара дІа иза Канарот-Іоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. Цул тІаьхьа иза Йордан-хинехула дІагІур ду Дуьрачу хІордана тІекхаччалц. Массо а агІор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“». Амма ЮшаІа элира Юсупан тІаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Іийр дац шун: Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кІентий хІорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дІавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кІант волчу Юсупан кІенташна дІаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цІе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дІаязйина яц. И латта Исраил-махкахь элан долахь дерг хир ду». «Сан халкъана кхин гІело йийр яц Сан элаша, амма цара Исраилан халкъана пурба лур ду, шен тайпанашка хьаьжжина, латта шайн дола даккха». Напталан декъа тІера дуьйна малхбалехьара малхбузехьа кхаччалц долу лаьттан дакъа Маннашан тайпанан хила деза.
Выбор основного перевода