Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. «Исраилхошка, тІе а дуьллуш, иштта дІаала: „КанаІан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хІорш ду: ХІара латта Ас хІинца шуна дІалуш ду. Чу а гІортий, шайн дола даккха и латта, хІунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тІаьхьа йолчу церан тІаьхьенна а дІалур ду аьлла ваІда дина латта ду иза“». ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тІаьхьенах болчарна тІе айдинчу куьйгаца Аса чІагІо а йора, царна Со дІа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе.
Выбор основного перевода