Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта дара суна хІоьттина долу Везачу Элан сийлаллин сурт. Сайна иза гича, голаш тІе лаьтта охьа а воьжна, сайн юьхь лаьтта улло кхаччалц охьатаІийра аса. Суна Вистхуьлучун аз хезира. Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХьалахІотта хьайн когаш тІе, Со хьоьга вистхила воллу». ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гІуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чІогІа дегазниг а гур ду». Цу стага соьга элира: «Адаман кІант, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа, хьайн дог ас гойтуш долчу массо а хІуманна тІе а дерзаде, хІунда аьлча хьо и дерриг а гайта валийна ву кхуза. Хьайна мел гинарг Исраилан халкъе дІадийца». Везачу Эло соьга элира: «Адаман кІант! Хьайн дог тІе а дерзадай, хьайн бІаьргашца хьажа а хьажа, хьайн лергашца ла а догІа Ас Делан цІийнан керташна лерина мел долчу парзех а, товрат-хьехамех а лаьцна хьайга бохучуьнга. Дикка хьажа Делан цІенна чуволийле а, иштта езачу меттиган араволийлашка а.
Выбор основного перевода