Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо со юха а езачу меттиган малхбалехьа дІадерзийна динчу арахьарчу кевне схьавалийра. И ков дІакъевлина дара. Везачу Эло соьга элира: «ХІара ков дІакъевлина хир ду, иза дІадоьллур дац, кху чухула цхьа а стаг чекх а вер вац, хІунда аьлча хІокху кевнехула Исраилан халкъан Дела волу Веза Эла кху чу веана. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цІенна хьалха схьавалийра. Со дІахьаьжча, Делан цІа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТІаккха со бертал вуьйжира.
Выбор основного перевода