Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зІийдагаш ерриг а бешахула дІаса а хецна. Ву иза доьдучу хин йистехь доьгІна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гІа а маргІал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тІехь аьтто а хуьлу цуьнан. Цара кхечарна чохь Іан цІенош а дийр дац, кхечара царна тІера кемсаш яа кемсийн бошмаш а югІур яц. Сан халкъан денош, диттан денош санна, хир ду. Ас хаьржинчара еххачу хенахь шайн куьйгашца динчух пайда оьцур бу. И стаг, хин татол долчохь дІадоьгІна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тІееача. Цуьнан гІа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тІе стом ца латош а ца хуьлу. Со юхавеача, цу хин йистошкахь шинна а агІор дуккха а дитташ гира суна. Иза гІалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агІор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хІора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тІера гІаш халкъашна дарбана делла.
Выбор основного перевода