Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. КІелхьардовларан хьостана чуьра хи оьцур ду аша самукъадаларца». Йовхачу гІамарх хин Іам хир бу, декъа латта хьостанаша дузор ду. ЧангІалкхаша шайна баннаш дина меттигашкахь шач а, эрз а хьалабер бу. Акхароша Сан сий до, чангІалкхаша а, бухІанаша а Со хаставо, хІунда аьлча Ас яьссачу аренга хиш даладо, эрначу аренгахь Ас татолаш хоьцу, Айса хаьржинчу Сайн халкъе хи малийтархьама. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». Цу стага со малхбалехьа дІадерзийна лаьтташ долчу кевнна тІе вигира. ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. Суна хІоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хІаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хІоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хІоьттинчу суьртех тера а дара. ТІаккха со бертал вуьйжира. Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дІадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цІа чу делира. Стаг суна уллохь лаьтташ волчу хенахь, Делан цІа чуьра суна цхьаъ сайга вистхуьлуш хезира. Элана шен лаамца Везачу Элана сагІа даккхийта лиъча, – дийнаташ дагоран я бертан сагІа иза делахь а, – цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТІаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагІа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тІаьхьа цунна тІаьхьа ков дІакъовлур ду. «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. ТІаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦІеначу ангалих тера цІена хи дара иза. Делан а, Іахаран а Іаршера схьадолура и шовда.
Выбор основного перевода