Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса Сайх чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гІала йохийна хилла дІахІуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цІе а йоккхуш, неІалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Ас шуна тІехь дебор ду адамаш а, хьайбанаш а. Церан дуккха а кІорнеш а, бераш а хир ду. Ас, хьалха ма-хиллара, шуна тІехь нах а охьаховшор бу, хьалха хиллачул а сов шуна беркат а лур ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира». Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду». Иза шун бІаьргашна гур ду, тІаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»
Выбор основного перевода