Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Іийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна. Цул тІаьхьа стигал а, латта а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хІунда аьлча къилбаседехьара хІаллакдо эскарш тІелетар ду, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода