Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чІогІа хьакъ долуш а ву, вайн Делан йолчу гІалахь, Цуьнан безачу лома тІехь. Цуьнан гІепашкахь волчу Дала нах ларбийриг Ша хилар гайтина. «Делан долахь долу латта вайн дола доккхур ду вай», – аьлла болчу. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хІунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дІаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“. ХІокху лаьтта тІехь, Исраил-махкарчу лаьмнашкахь, Ас уьш цхьа къам дина дІахІиттор бу. Царна массарна а тІехь паччахьалла деш цхьа паччахь хир ву. Уьш кхин лелар бац шина къоме бекъабелла а, шина пачхьалкхе бекъабелла а. ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».
Выбор основного перевода