Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гІалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДІадаьлла те церан хьекъал? Дадданан бахархой, бовдий, дІагІо кхузара, хьехаш чохь дІаловчкъа, хІунда аьлча Іесаван тІаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таІзар даран хан схьакхаьчна. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеІир-къомо а дуьйцура: „ЯхІудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ЯхІудан халкъана къиза бекхам барна, Эдоман къомо шех доккха къа а латийна, иза чІогІа бехке а хилла. «Аша шайн вешина Якъубана гІело ярна, шуна тІе эхь дуссур ду, шу гуттаренна а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода