Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тІе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дІалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла». Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гІаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла. амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира». Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду».
Выбор основного перевода